Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цІарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цІе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалхā! Шен цІе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тІехь Веза Воккханиг хилар дІахоийла царна. Цундела Сан халкъана Сан цІе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хІара ву!“ – аьлларг Со вуйла». «Цундела Аса и нах Іамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гІора а. ТІаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!» Ас шуна кІозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тІе чкъор а далор ду, цул тІаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тІаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“». Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода