Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Амма оцу халкъана тІехь гІело мел йо а, иза тІеттІа дебара, цу махкахула дІасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. Цундела кхин а чІогІа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш. ТІаккха пирІуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Іебархойн кІант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоІ дийна йита», – аьлла. Цул тІаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирІун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Іазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира.
Выбор основного перевода