Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. Амма и хилале, ахь дІаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хІуманаш еха еза». Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирІунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чІогІа лоруш вара. Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хІуманаш а, бедарш а йийхира цара. Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хІуманаш елира. Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тІера дашо хІуманаш схьаехира. Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац – мостагІийн герз чІеш хилла дІахІуттур ду царна. Шайгара хІонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хІонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода