Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шовзткъа шо даьлча, Синай цІе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цІергахь малик деара. Муса чІогІа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тІевахча, цунна Везачу Элан аз хезира: „Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бІаьрганегІар хьалаайа а ца ваьхьаш. Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дІаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду. Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргІатбаха воьссина. ХІинца дІагІо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“. Иза исраилхоша тІе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хІоттийна тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хІинца хьаькам а, адам паргІатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гІуллакх. лаьтто лучу совгІаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тІехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела. Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тІехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла?
Выбор основного перевода