Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаша кхуллуш йолчу гІалане а, бІаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла. Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дІаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш». Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, эмархойн а, канаІанхойн а, гІиргІашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла. Суна ма-хаззара гІуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тІаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна». Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. ХІокху метте схьа а далийна, хІара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо. Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тІехьовсурш а Шехем-гІалахь гулбира ЮшаІа. Уьш берриш а Далла хьалха хІиттира.
Выбор основного перевода