Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву». ДІагІо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Іамор ду хьуна ала дезарг». Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагІа бутт чекхболуш, бутт цІинлучу хенахь, Синай цІе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хІоттийра. Муса лома тІе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тІера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тІаьхьене, исраилхошка, дІаала: „Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тІемаш тІехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тІе диллинарг цаьрга дІаэлира Мусас. Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас. Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хІуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТІаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. КхозлагІчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тІе вуссур ву. Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тІе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву. Адам делахь а, хьайба делахь а, тІулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Іотта. Локхучу уьстагІан маІан дахдина аз хезча, нах лам тІе хьалабовла мегар ду». Лома тІера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хІуманаш йиттира. Цо халкъе элира: «КхозлагІчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гІо». КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кІел Делаца цхьаьнакхета дІадигира. Уьш ламанан кІажехь дІахІиттира. Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. Синай-ламанан бохь тІе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тІе кхайкхира. Муса хьалавелира. Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гІерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хІаллакьхир бу. Веза Эла волчу Суна улло богІу динан дай а тІехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта». Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тІе дала бакъо яц, хІунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дІакъастабе аьлла». Везачу Эло цуьнга элира: «ГІой, нах болчу чувосса, юха АхІаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хІаллак ца дайта». Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дІаэлира Мусас. Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас.
Выбор основного перевода