Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гІайгІа бойла. Цунна хьалха гора а хІиттина, суждана бахара уьш. Цул тІаьхьа Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хІотто“». Цу шиммо элира: «Іебархойн Дала тІекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дІадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагІа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хІаллак ца дайта». БалиІама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагІина уллохь Іе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дІаэр ду». БалиІам ерзинчу лакхенна тІе вахара. Цига Дела веара БалиІамна хьалха. «Аса сагІа доккху ворхІ меттиг кечйина, – элира БалиІама, – царна хІоранна тІехь цхьацца старгІа а, цхьацца ка а сагІина лерина багийна ас». БалиІама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагІина юххехь Іе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хІуттуш». ТІаккха Везачу Эло, БалиІамна дуьхьал а веана, Балакхе дІаала дезарг бага а диллина, БалиІаме Балакх волчу юхаверза элира.
Выбор основного перевода