Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Сан куьг шуна тІехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тІера дІадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. Цу буссехь тІе а кхайкхина, Мусага а, АхІароне а пирІуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гІовттий, дІадовла сан халкъана юкъара. Даха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш ма-аллара. ТІаккха вайн бІаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гІуллакхаш а, Іадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирІунна а, цуьнан массо цІенна а тІехь. Хьалдолчун бахам – цуьнан чІагІйина гІала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду. Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела, тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирІунна а, цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал. Цундела Хьо цІеяхана хилла дІахІоьттира таханлера де тІекхаччалц а. Веза Эла, Ахьа инзаре гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хІара хан тІекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хІума бахьана долуш массанхьа а гІараяьлла Хьан цІе. Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦІечу хІорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.
Выбор основного перевода