Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цІе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цІарца Ас царна Со вовзийтина вац. Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цІарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цІе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалхā! ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахІим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со». Дала леррина къобалвина Іийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода