Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! Дауд вуьжучу метта Михулас цІу виллира, цуьнан гІовлангахь газанан цІока а йиллина, тІехула бедарш ехкира. Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тІехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла. „Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бІаьрганегІар хьалаайа а ца ваьхьаш.
Выбор основного перевода