Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тІелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тІера чоьш дІадошур ду, ур-атталла маж а дІайоккхур ю. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? ЛадогІа! Дуккха а халкъийн гІовгІа ю! Ловзабаьллачу хІордо санна, гІовгІа йо цара. Къаьмнийн угІар ду! Сиха догІучу доккхачу хин гІовгІа санна, ду церан угІар. ГІергІаш догІу доккха хи санна, угІуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дІадовду. Мохо лаьмнаш тІехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.
Выбор основного перевода