Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. Цундела ахьа цу нахе дІаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дІабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цІа санна хир ву уьш дІабаханчу мехкашкахь’“. ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.
Выбор основного перевода