Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кала-Хьозин кІанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицІпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тІехь тхов бира цо. Иштта, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо. И хІума ша дина ваьллачул тІаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Іомана уллохь болу гІалин пен тобира, Даудан гІалара охьавогІучохь долу тІегІанашна тІе кхаччалц. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира. Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш. ‘ЯхІуд-махкана тІе а летта, иза, кхера а бина, тІамца схьа а баьккхина, Табиалан кІант цигахь паччахь хІоттор ву вай’. Цул тІаьхьа бІаьрзечуьнга элира Іийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тІаккха бІаьрса а гуш, иза цІа вирзира.
Выбор основного перевода