Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гІирсаца къаьсташ дІаязде цу тІехь: „МахІир-Шалал-Хьаш-Баз“». Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхІу а, Юбарах-ЯхІун кІант Закри-ЯхІу а. Делера болу муьлхха а хаам шуна мухІар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дІа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хІунда аьлча и тептар мухІар тоьхна ду». Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду. Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду». Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе.
Выбор основного перевода