Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юург лоьхуш, кхерста шайна, меца а долуш, гІигІ а деш. Нах, аьтту агІор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агІор кхевдича а, меца буьсур бу. ХІора а шен гергарчунна тІелетар ву. Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тІом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхІудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш.
Выбор основного перевода