Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Цийонехь гІайгІа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дІагайтархьама, Везачу Эло доьгІна долу. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву. ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш». Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
Выбор основного перевода