Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, Нагахь Веза Эла дІа а тесна, хийрачу деланашна аш Іамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таІзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хІаллакдийр ду шу». буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. ТІаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тІехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогІу хІуманаш а, Сан даьтта а долуш. Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тІаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а.
Выбор основного перевода