Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Хьан кара дІало аса сайн са. Веза Эла, тешаме Дела, Ахьа кІелхьарвоккхур ву со. Абаденналц цуьнан цІе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цІеяхана хуьлийла. Цуьнан цІарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хІуманаш дага а ма леца, дІадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е. Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцІеналлица а дийна волчу Везачу Элах чІагІонаш ел. ТІаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду». Сан къоман некъаш цара баккъалла а Іамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дІаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаІалах дуй баа Іаморе терра), тІаккха церан, Сан къомана юкъахь а Іаш, аьтто хир бу. Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
Выбор основного перевода