Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неІалт кхайкхоран чІагІо йойтур ю, – Везачу Эло хьан халкъе хьуна неІалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гІогІаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла. Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“ Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Іийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Іийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.
Выбор основного перевода