Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къечара шаьш буззалц юур ю. Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу. Шу абаденналц а дехийла! Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. Иштта, сан халкъ йийсаре гІур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. Къизачу Іазапехь а, меца а болуш, лаьтта тІехула лелар бу и нах. Мацалла хІоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогІешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Іам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду. Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Везачу Элан даше ладогІа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цІе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дІалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тІаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Шуна гур ду иза, тІаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагІашна оьгІазгІур ву Иза». Къа ду шун, хІинца дуьзнарш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хІинца доьлуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь шун бІаьргех хин тачанаш оьхур ду.
Выбор основного перевода