Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. ХІара къа шуна хІаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дІасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТІаккха цІеххьана пен охьабужур бу. И пен, кхийра кхаба санна, кегбина хир бу. Цуьнан кескаш юкъара цхьа а пайден хир яц. Царах цхьанна а чохь пешара цІе я гІун чуьра хи дІахьойла дац». Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тІе хІоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагІа даккха. Цу бахьанина царна таІзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хІара санна долчу халкъана? Цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цІушна доІанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло. Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кІант. ДІаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна. Аса царна ваІданца лур ду аьллачу лаьтта тІе уьш схьабалийначул тІаьхьа, уьш шайн сагІанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тІехь луьста гІа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарца а, хаза хьожа йогІу хІума ягорца а, чагІаран сагІанаш дахарца а цара Со оьгІазвахийтира.
Выбор основного перевода