Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедогІучу деношкахь Якъубан тІаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. ТІаккха сан халкъ машаречу хІусамашкахь Іийр ду, кхерам боцучу цІеношкахь а, паргІато йолчу садоІучу меттигашкахь а. Ас къайлаха а ца дийцина, я боданечу меттехь а ца дийцина. Якъубан тІаьхьенах болчаьрга Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“. Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву. Нийса дерг дІакхайкхадо Ас». Исраилан тІаьхьенах болу берриш а Везачу Эло бакъбина хир бу, Цунах цара дозаллаш дийр ду». Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, Ахь, гІо доьхуш, орца даьккхича, хьан цІуйн жІугано кІелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дІахьур бу, хІоно дІасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
Выбор основного перевода