Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кІад а ца ло, хІотта а ца хІутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хІордан йистерчу мехкашкахь. Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина.
Выбор основного перевода