Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гІуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина. Цхьаберш хІордкеманашна тІехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тІера совдегарш бара. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа.
Выбор основного перевода