Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те? Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те? Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Хьажал, Везачу Элан куьг шу кІелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац. Цо Шена тІе, гІагІ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тІе кІелхьардаккхаран гІем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тІеоьллира, дог иракарахІотторца Шен дегІ хьулдира. Шуна гур ду иза, тІаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагІашна оьгІазгІур ву Иза». Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу.
Выбор основного перевода