Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь къорачарна тептар тІера дешнаш хезар ду, Іаьржачу боданах паргІат а баьккхина, бІаьрзечеран бІаьргашна са гур ду. Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. ХІора тогІи хьалайоккхур ю, хІора лам а, гу а лахабоккхур бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву, Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». ХІора тогІи хьалаюзур ю, хІора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.
Выбор основного перевода