Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Цо яьккхина гІовгІа лоьман санна ю, цо до гІигІ къоначу лоьмийн Іахарх тера ду. МостагІчо, гІигІ а деш, бовда гІерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дІаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета.
Выбор основного перевода