Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Седаман бахархой чІогІа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара. Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Іаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. Сарахь и ши малик Седам-гІала деара. ГІалин кевна йистехь хиина Іаш вара ЛутІа. Уьш шена гича, тІе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. «Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо. Амма ЛутІас чІогІа дехарна, иза волчу хІусаме ван резахилира и шиъ. ЛутІас царна яа хІума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хІума йиира. Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!» ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со». Амма цІенна го бинчу Седам-гІалара божарша элира: «ДІавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хІокху тІевеана волчу стаге, хІара висинера вайна тІехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутІина тІегІоьртира неІ кагъян дагахь. ЛутІа волчу веанчу шина стага, дІакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неІ дІакъевлира. ТІаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бІаьрса дайира цара. ЧувогІу неІ лоьхуш, нах чІогІа гІелбеллера. Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо. ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». Амма ЛутІа шина даггахь вара, хІоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутІех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоІ а, куьйгаш а лаьцна, гІалех араяьккхира. Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!» Амма ЛутІас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогІар. Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю». Малико элира ЛутІе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гІала, амма сиха дІавада цига, хІунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гІала йохо йиш яц сан». (Цу гІалин цІе «Жиманиг» (Іебархойн маттахь «ЦІоІар») тиллира, ЛутІас иза жима ю аьлла дела). Малх хьалагІаьттинера, ЛутІа ЦІоІар-гІали чу кхочуш. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. ЛутІагІар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тІулг хилира. Цу дийнахь Іуьйрре гІаьттина, Везачу Элана ша хьалха хІуттучу метте вахара ИбрахІим. Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Ша тогІи чуьра гІаланаш йохош, Шена ИбрахІим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гІаланашкахь Іаш волу ЛутІа араваьккхира Везачу Эло. ЛутІа ца ваьхьара ЦІоІар-гІалахь Іан, цундела шен шина йоІаца лаьмнашка дІавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Іаш бара. Цкъа йоккхаха йолчу йоІа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тІехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац. ЧагІар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дІайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хІу Іалашдийр ду вай». Цу буссехь дена чагІар малийра шина йоІа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дІайижира. ЛутІина ца хиира, иза шеца дІайижча а, хьалагІаьттича а. ШолгІачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагІар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дІа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хІу Іалашдийр ду вай». Цу буса а дена чагІар малийра шина йоІа. Жимаха ерг дІайижира метта шен деца. Юха а ЛутІина ца хиира, иза дІайижча а, хьалагІаьттича а. ЛутІин ший а йоІ цунах берах хилира. Йоккхаха йолчу йоІа кІант вира, цуьнан цІе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу муабахой. Жимаха йолчу йоІа а кІант вира. Цо цуьнан цІе Бен-Іамми тиллира (иза «сан гергарчун кІант» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу Іамминхой. Седам-гІалин кемсийн гаьннаш тІера а, Іамор-гІалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагІийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дІаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Везачу Элан даше ладогІа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тІедиллиначуьнга ладогІа, Іаморера халкъ! Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – хьан йиша йолчу Седам-гІалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг.
Выбор основного перевода