Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цІе тосу, ткъа халкъ цІеро дІакхоллу. Стаг шен ваша кІелхьарваккха а ца хьожу. Мехкан наха кхиберш Іехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гІелонаш йо, кхечу махкара тІебаьхкина нах а хьийзабо. Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кІохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таІзар ден долу де тІекхочуш лаьтта. ХІинца уьш боьхна хьийзар бу. Вовшех а ма теша, доттагІчух тешна а ма Іе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Іуьллучух. ХІунда аьлча кІанта да сийсазвоккху, йоІ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цІеранаш цуьнан мостагІий хуьлу. Со веана „кІант дена дуьхьал ваккха, йоІ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха. Шен цІа чохь берш хир бу стагана мостагІий“.
Выбор основного перевода