Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Іачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хІунда аьлча уьш берриш а Іесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагІанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тІе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кІур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цІе ю.
Выбор основного перевода