Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». ЦІадукъ-ЯхІус омра дира, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чуволла, гІалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хІора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина Іаш вара. Цул тІаьхьа Цо элира: «Адаман кІант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду, Ас шуна тІе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хІаллакдархьама. Аса шуна тІехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хІаллакбийр бу. «Адаман кІант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тІе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тІе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хІаллакдийр дара.
Выбор основного перевода