Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама: «Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш, сагІа даккхарца Соьца барт бинарш». Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо, хІунда аьлча Дела – Ша ву Кхелахо. «ЛадогІа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву! Ахь дохучу сагІанашна дуьхьал эр дац Ас хІумма а – хьан дийнаташ дагоран сагІанаш гуттара а ду Суна хьалха. ХІетте а, Ас хьан цІентІера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гІотанашкара бежалой а тІеоьцур яц. ХІунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду. Лаьмнаш тІера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха. Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хІунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хІума а. Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цІий молуш ву ткъа Со? Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Амма Іесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тІедехкинарш а хІунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хІунда бу хьан багахь? Ткъа хьо нисвар хьуна бІаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тІехьа дІатотту ахьа. Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан. Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу. Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кІантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь. Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хІинца Ас хьуна тІехдеттар а ду, хьан бІаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу. Кхеталаш хІокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кІелхьардохург ца хиларна. Суна сагІина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо. Ша лела некъаш нисдеш волчунна Ас Делера долу кІелхьарвалар гойтур ду». ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху. Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Цуьнан дуьхьа меттиг дІацІанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира. Лаьмнаш цуьнан ІиндагІо дІахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира. Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тІе кхаччалц дІадахийтина. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. Неларчаша а йохайо иза, аренгарчу акхароша а иза йоу. Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХІокху кемсийн бешан гІайгІа бехьа! Хьайн аьтто куьйго дІадийначун гІайгІа бехьа, Ахьа Хьайн дуьхьа чІагІдина долу синтаран а гІайгІа бехьа. МостагІаша иза, каг а дина, цІарца дагийна. ОьгІазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хІаллакбехьа. Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агІор волчу стагана тІе диллахьа, Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кІантана тІе диллахьа Хьайн куьг. ТІаккха тхо Хьох дІадоьрзур дац. Тхо дендехьа, тІаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо. Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дІаязбечеран а. Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гІийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Іачу зударийн а, байн а долахь дерг дІадоккху. Дуккха а болчу Іуйша Сан кемсийн беш хІаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дІахІоттийна. Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хІиттийна, шуна кхел йийр ю Аса. Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хІусамашкахь йолу хазна». ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дІаден мегаш доцу хІу дохка а». Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху. ТІаккха ас элира: «ЛадогІа, Якъубан тІаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш тІера дилха доккху. Сан халкъан дилха аша доу, царна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо». «ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Ас шуна хьехначу дашехула хІинца шу цІена ду. Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу. Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. Ткъа аша къениг дІатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?
Выбор основного перевода