Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а.
Выбор основного перевода