Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен гІогІашкахь ма ницкъ болуш ю иза! Цуьнан гайна тІехь долу пхенаш ма чІогІа ду! Цуьнан цІога, баганан дитт санна, чІогІа ду, ткъа пхенаш цуьнан хенаш тІехь вовшахъхьирчина ду. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Иштта, сан халкъ йийсаре гІур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. Воккханиг а, цІе яхана верг а, – иза корта бу, харцо Іамош волу пайхамар – иза цІога ду. Ас дуьненна таІзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Іесачарна шаьш летийначу къиношна доггІург дийр ду. Ас курачийн дегалла дІайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду.
Выбор основного перевода