Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дІа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо. Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тІехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, Ахьа гІаланах тІулгийн оьла йина, чІагІйинчу гІаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гІопах гІала йоцург йина. И гІала цкъа а юхаметтахІоттийна хир яц. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле.
Выбор основного перевода