Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хитам-гІайре йолчуьра хІордкеманаш догІур ду. Цара толам боккхур бу Ашуран а, Іебаран а халкъашна тІехь, амма уьш шаьш а хІаллакьхир бу!» Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоІстаг санна йолу ЦІадан-гІала! Хьала а гІовттий, Хитам-махка гІо, гІалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Сан дети а, Сан деши а аша дІадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хІуманаш а шайн деланийн цІенош чу яьхьна. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Хьажал, аша дІабоьхкинчу меттера Аса хьалагІиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Шун кІентий а, йоІарий а яхІудхошна дІабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дІабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Выбор основного перевода