Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. «Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а. «Адаман кІант! ЦІадан-гІалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар $яц хьуна чохь.
Выбор основного перевода