Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? ДІаала хІорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хІордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гІала! Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху. Хьан дозанаш хІордан юккъе кхечира, хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина. Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш, ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тІекхуьуш долчу баганан диттах йина ю. Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара. Хьан цІенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра, пийлан кІомсарех кечйина йистош а йолуш. Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тІамарш йолчу кІадих дина дара, уьш байракхаш санна дІатоьхна а дара. Элша-гІайренна тІера деана стигалан басахь а, таьІна-цІен а долу кІадеш хьан шаршу хилла дІахІиттинера. ЦІаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой. Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гІала, кемалелорхой бара. Кеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш Гебалара говзанчаш а бара хьан. ХІордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош. Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПІатІа-махкара а тІемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цІенойн пенашна тІе шайн турсаш а, гІемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. Арвадин а, Хьелакан а тІемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тІехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бІаьвнашна тІехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тІехь, и хІума дарца хьан хазалла кхочуш а еш. Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гІалано хьоьгара хІуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гІели а луш. Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цІестах йина пхьегІаш а хьоьгара оьцучу хІуманна дуьхьал а луш. Байт-ТогІармера болчара ахьа юхкуш йолчу хІуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бІарзанаш а лора. Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХІордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хІуманашна дуьхьал пийлан кІомсарш а, Іаьржа дечиг а луш. Хьан дукха дохка хІума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хІуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тІулгаш а, цІен кІадеш а, тІехь тІамарш йолу дуткъа кІадеш а, маржан-жовхІарш а, иштта рубинаш а луш. ЯхІуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кІа а, сегІаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. Хьан дукха дохка хІума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагІар а, Цахьарера тІаргІа а. Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хІуманашна дуьхьал эчигах йина хІуманаш а, касия а, хаза хьожа йогІу эрз а луш. Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тІе туьйсучу юргІанашца. Іаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хІуманашна дуьхьал Іахарий а, кой а, гезарий а луш. Шеба-гІаларчу а, РуІман-гІаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тІулгаш а, деши а луш. ХІаранера а, Ханейра а, Іеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора.
Выбор основного перевода