Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан садеІаро уьш хІаллакбо, Цуьнан оьгІазлоно уьш боха а бо. Хьан адамашна тІехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гІело хьоьгучу Хьан нахана тІехь бакъдолу олалла дойла Цо. Халкъана юкъара гІело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кІентий цо кІелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дІа а совцабойла. ХІунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргІатвоккхур ву, гІо лаца цхьа а воцу гІело хьоьгург а кІелхьарвоккхур ву. ГІело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду, цунна церан цІий деза хетар ду. Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хІонсах шун цІенош дуьзна ма ду! Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кІезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах, Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дІа а ваийтина, Соьга шайн мохк дІа а къастабайтина, иза кхоччуш хІаллак ца байтархьама». ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
Выбор основного перевода