Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хьайн баланах а, гІайгІанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кІелхьардаьккхинчу дийнахь, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тІаккха цара куьйгаш тІехь шайн кІентий а, белшаш тІехь мехкарий а схьабахьар бу. Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!» Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КІант а ву хьалаваьккхина хила везаш, Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тІаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тІехь олалла дан гІоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу».
Выбор основного перевода