Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тІом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхІудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». «Адаман кІант, хьайна цхьа гІаж схьа а эций, цу тІе дІаязде: „ЯхІудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тІаьхьа шолгІа гІаж схьа а эций (иза Эпрайман гІаж ю), цу тІехь а дІаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“. Цул тІаьхьа и ши гІаж, цхьа гІаж йолуш санна, цхьаьна дІалаца хьайн куьйгахь. ХІокху лаьтта тІехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дІахІиттор бу. Царна массарна а тІехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!»
Выбор основного перевода