Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Мисар-махкахь Іаш болчу яхІудхошка дІаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхІуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гІалахь а, Тахьпанхьас-гІалахь а, Нуп-гІалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХІара бу и хаам: Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гІаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тІе, хІордана тІера хІорда тІе, ломана тІера лам тІе дІакхаччалц богІур бу хьуна тІе. Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалІаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
Выбор основного перевода