Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тІелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тІера чоьш дІадошур ду, ур-атталла маж а дІайоккхур ю. Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. Иштта боху хІорда юккъехула некъ биллина волчу, нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. Амма хІорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тІехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агІор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ. Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богІур бу, мисархой Ашур-махка гІур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Іамал еш хир бу. Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта? Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тІулгаш дІадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна! Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? Мичахь ву уьш Іаннашкахула дІабигнарг?» Шерачу арахула дІаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дІабоьлхуш.
Выбор основного перевода