Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Іаш волу меттиг сийлалла хир ю. Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидІа Іехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу». ДІасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тІе кхин а гулбийр бу Ас». Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду. Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со». И хила доьлча, хьала а гІовттий, шайн кортош хьалаайа, хІунда аьлча шун кІелхьардахар герга кхаьчна». ТІаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дІа а бахана, грекахойн меттигашкахь Іаш болчу нахана тІеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву.
Выбор основного перевода