Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. «ХІара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тІе, Кхо халкъашна нийсо дІакхайкхор ю! Іийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дІаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тІе. И Делан Са Іийсана чу дуьйлира. Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тІехь дисира. Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара.
Выбор основного перевода