Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, Цхьаммо а кІа ору лакхара я лахара болу хьеран тІулг закъалтана схьаэца ца беза, хІунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу. ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. Байлахь бисинчеран варраш дІаюьгу, йисина Іачун сту закъалтана дІабуьгу. ТІехь хІума доцуш дІабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тІеюха хІума а яц церан. Бобераш декхачуьра доху, къечун аганара бер закъалтана доккху. мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа. Цо адамашна гІело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хІума а дІало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хІума а ло, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а ло. я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь,
Выбор основного перевода