Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гІалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гІалех къинхетам бийр бу». Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цІена хиларе терра Цо суна кхаъ белла. Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагІчунна а чІогІа оьгІазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела. Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса». Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цІена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла. Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бІаьргашкахь сан куьйгаш цІена долу дела. Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дІагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Іибадат дечу меттигна го боккхуш,
Выбор основного перевода