Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла везаш хилалаш, Цуьнан долахь мел дерш. Тешаме берш Везачу Эло ларбо, ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дІало. Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна. Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кІезиг хеташ Іаш волчунна Шен дика ло Цо. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода