Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло лакхаллера, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира. Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела. Хи тІедалар санна, тІекхочур ду цунна Іадор. Буьйсанна шайтІанан мохо иза дІа а хьо. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со, къамкъарг якъаелла сан. Сайн Деле ладегІарна, бІаьргаш гІелделла сан. qac Тqac*Іаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хІаллакьхили». Цо элира: «Со гІайгІанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тІаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цІогІа туьйхира ас, тІаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. ТІаккха элира ас: „Хьайн бІаьргашна хьалхара дІаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦІа“.
Выбор основного перевода