Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хьанна а нийса бІаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо. Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь? Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу. хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
Выбор основного перевода